«Хаарийн б1ов»

25.04.2024
Оханан беттан 25-чу дийнахь Калаусски йуккъерчу йукъардешаран ишколехь,нохчийн меттан а,литературин хьехархочо Расуева З.Д. д1абаьхьира дешархошна йуккъехь «Хаарийн б1ов» ц1е йолу къовсам. 1алашо: халкъан барта кхолларалла йовза, еза лаам кхоллар, дешархойн хаарийн гуо шорбар, нохчийн матте йолу шовкъ а х1ума довза лаар совдаккхар.