БОЛТУКАЕВА Е.М.
15.04.2016Болтукавеа Елизавета Магомедовна - учитель начальных классов
МБОУ "СОШ с.п. Калаус"
Дуккха а бу вайн Нохчийчохь г1арабевлла яздархой, поэташ. Цара шайн дийцаршкахь, стихашкахь хестайо Нохчийчоь, Нохчийн мотт, Нохчийн Нана. Вайн районера г1арабевлла яздархой бу Мамакаев 1арби, Мамакаев Эдуард, Джамалханов Зайнди. Ткъа тхан газета лерина ду г1араялаза йолчу яздархочунна – хьехархочунна Болтукаева Елизаветтина. Иза йина 3 августехь 1979 шарахь, Калаусехь. Цо стихеш язйо нохчийн маттахь. Цуьнан стихеш лерина ю Даймахкана, Нанна, берашна а. Къаьсттина хаза ю «Бекалахь Нохчийн мотт» аьлла йолу стихотворени. Республикехь 2- меттиг яьккхина ю «Ирсе ю со» аьлла йолу стихотворени. Районан газета т1ехь а, хьехархойн сборник т1ехь а зорба тоьхна ю «Нана» стихотворени.
1/3) Бекалахь нохчийн мотт
Сан къоман аз хилий
Сингаттам беъначохь
Пондаран мерз хилий
Сатесча Даймахке
Шовданан ч1уг хилий
Самукъа даьллачохь
Мехкарийн йиш хилий!
Ламанийн локхаллехь
Аренийн сеналлехь
Нохчийн мотт бекалахь
Зарзаран мукъамехь!
Бусулба дин долчохь
Ийманан нур хилий
Барт боьхна доьзалехь
Машаран т1ай хилий
Накъостал эшначохь
Къонахчун дош хилий
Тешнабехк биначохь
Болатан суй хилий!
Ненан къинхетамехь
Дас лучу хьехамехь
Бекалахь Нохчийн мотт
Даимна бекалахь!