РАСУХАНОВА Т.С.

15.04.2016

Расуханова Тамара Сайпуддиевна - учитель чеченского языка и литературы.

Нохчийн меттан хьехархо бохург – иза шена т1ехь доккха дехар долуш професси ю. Нохчийн мотт хьеха хуур дац, иза доггах безаш воцчунна. Шен сих цуьнан марзо ца хаьрчинарг хьакъ вац нохчийн мотт хьеха. Шена ненан мотт безаре терра, шен дешархошна хьоьху нохчийн меттан хьехархочо Расуханова Тамара Сайпудиевнас. Иза йина 1 апрелехь 1961 шарахь, Калаусехь. Бераша боккха пайда оьцу хьехархочо луш болчу кхетам - кхиорах. Уьш 1ема шайн Даймохк беза, цуьнан сий – пусар дан. Хаза буьйцу Тамарас ненан мотт, цхьа ша-тайпа эсала.Цо стихаш язйо нохчийн маттахь. Тахана вай шуна йовзуьйтур ю царах цхьаъ:

 

НАНА

Х1унда йоьлху сийна стигал?

- Цунна вон дош хези-те

Ара йолуш нана гича

Хьо д1аяла эли - те,

 

Хьо дегадо 1аьржа латта

Хьо а х1унда дегадо?

Ловза воьдуш жимчу к1анта

Нене пурба дехац – те?

 

Керчаш йог1у ц1ена тулг1еш,

Ненан б1аьрхиш хилла – те?

И ца духу лекха лаьмнаш

Цуьнан собарх дина – те?

 

Малхо канаш лаьтта кховдош

Маракъовлу и г1а буц,

Шен комаьрша куьйгаш кховдош

Нанас тадо беран куц!